Муниципальное бюджетное общеобразовательное учреждение "Ники-Хитинская средняя школа" Курчалоевского муниципального района Чеченской Республики

niki-hita.sosh@mail.ru
8(963) 581 06 52
Режим работы ОУ
с 08.00 до 17.00
 
 
 
 
 

Страница учителя чеченского языка

     Косумов Расул Абузагирович

      Ники-Хит1ара юккъерчу ишколан

      5-6 классашкахь нохчийн меттан, литературин хьехархо.

  «1илманан к1орге а, говзалла а,

йолуш волу стаг, говзалла халкъана

 пайденна хьовзо хууш хила веза»

А-Х.Кадыров.

Белхало  балха воьду, тайп-тайпана 1алашо йолуш, дахар а нисло адаман тайп-тайпана. Хьехархочун дахар, цхьа шатайпана  кхиамашца, оцу хьехархочо щена т1ехь бечу балхе хьаьжжина д1адоьду. Хьехархочун некъ д1аболало кхиамца институт, я училище чекхьяккхар т1ера. Муьлхха а белхалочо ша бийр бу аьлла т1елаьцна болх, бан ма беззара бан а бахь, шен болх беза а безахь оцу белхалочун кхиамаш хир бу, белхан накъостийн лерам а хир бу.

Хьехархочун балха т1ехь халачух цхьаъ ду, х1ора дешархо шен дахарехь кхиам хир болчу некъа т1е нисвар. Хьехархочун болх муьлхха а кхечу балхаца буста йиш ю. Масала, ахархочо д1адийна ялта хьаладаларе терра, хенаца хьехархочун болх а гучуболу. Хьехархочун болх кест-кеста керла  х1ума юкъадаларца хийцалуш хиларе терра, оцу хьехархочо а бан безаш нисло тахана шена т1ехь болх, юкъа даьллачу х1уманца хийца а хуьйцуш. Цундела хьехархочун  ца хуьлу мокъа хан. Шен мокъачу хенахь а берашца болх беш хуьлу, урокийн конспекташ кечъеш, оцу урокехь ша ден долчун сурт х1отто г1ерташ.

Суна сой ирсе хета берашца х1ара сайн дахар доьзна болх нисбаларна. 2004 шарахь аса чекхъяьккхина Гудермесски педагогически училище. Со болх беш ву айса дешначу  Ники-Хит1ара юккъерчу ишколехь, 5-6 чуй классашна нохчийн мотт, литература  хьоьхуш. Юьхьанца ч1ог1а хала хетара суна, сан белхан накъостий берриге а сан хилла хьехархой болу дела. Суна моьттура, балха воьду стаг, деригге хаа а хууш балхаца муьлхха  хьал хоьттича кийчча хуьлу, хьан белхан накъостийн хьуьнаршка хьоьжуш, царех пайда а оьцуш кхочуш хилла оцу кхиаме. Суна сайн болх безаш хилар, суна сайн балха т1ехь берашца юкъаметтиг карорца гучудолу.

Суна хетарехь, нохчийн меттан, литературан хьехархочун декхар, кхин предмет хьоьхуш волчул а алссам ду. Нохчийн меттан хьехархочо болх бераш говза яздан а еша 1амийна ца 1аш, г1иллакх долуш, оьздангалла йолуш, деца-ненаца лераме хила 1амош, даймахке, шен къоме  безам кхуллуш д1абахьа беза.

Нохчийн мотт къоман оьздангалла шеца цхьана йолчу меттанех цхьаъ бу.